Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
шайн цIа йалийра цо. Йуьртда а, цуьнан нах а Зеламхина дуьхьало йан ца баьхьира. Зуда бахьана долуш йукъа мостагIалла дожийта ца лиира царна. Цигахь марехь йу бохуш, цIе йолуш масех баттахь Iийнехь а, майрачуьнга шех куьг ца тохийтинера Зезага. Нанас дуьнен чу ма-йаккхара, цIена Солтамурде дIайелира иза Зеламхас.

      Цул тIаьхьа цо бекхам эца безаш ши гIуллакх дара. Черновс набахтехь шена тоьхна тIара а, Добровольскийс шен ден ден озийна маж а. И шиъ вен везара. Шайн доьзална хиллачу берриг а бохамашна и шиъ бехке вора цо. И шиъ а, оьрсийн Iедал а. Цкъа хьалха и шиъ а вийна, тIаккха шен йерриг а оьмарехь Iедалх бекхам эца безара цо. Зеламха набахтера ведча, кхеравелла Чернов, Веданара ведда, Несаре балха вахара. Амма ша Веданара дIавадале жимачу йоIаца Муслиматца цхьаьна Беци кхаа баттана Ведана набахти чу йоьллира Черновс. Амма иза гена ца ваьллера. Ткъа Добровольский хIинца а Веданахь ву. Стигала ваьлча а, лаьттах воьлча а, Зеламхин тоьпан дIаьндаргах кIелхьарвер вац и шиъ.

      3

      Хулхулон чIожахула, хин аьтту агIонца, тIулган бердашца сетташ, хьийзаш хьала-охьа бу Ведана боьду некъ. Маситта шо хьалха паччахьан ваша, Кавказан наместник, кхуза вогIу аьлла, баккхийтина иза. Россера говза инженераш а балийна, Нохчмехкан йарташкара нах шайн ворданашца кхуза лоьхкуш, цаьрга маьхза болх бойтуш.

      Оцу некъана шинне aгIop тIекхозаделла тIулган лаьмнаш, тархаш, басеш дIахьулйина кхиъна бIешерийн къена хьаннаш йу. Хьежарх ца кIордош, хаза хуьлу бIаьста а, аьхка а, гурахь а кхузара и исбаьхьа Iалам. Нежнаш, пепнаш, маьънаш, акхтаргаш, гIаргIеш, таьллаш. Акха кхиъначу хьорматийн, Iежийн, кхорийн, хьаьмцийн, элхьамчийн, кхечу дуккха а стоьмийн дитташ. БIаьстенан йуьххьехь, дитташа заза доккхучу хенахь, бес-бесара къарзло и хьаннаш. ЦIен а, кIайн а, можа а, сийна а, баьццара а – тайп-тайпанчу беснашца.

      ДIа ког мел баьккхинчохь тIулган лаьмнех схьаIена сирла, ша санна, шийла шовданаш. Лаха когашка кхаьчча, Хулхулох дIакхета уьш. Хулхуло а ду сирла. Дукха сирла хиларна, Iаьржа бос а бетталуш. Амма лаьмнашкахь догIанаш даьхкича, буьрса деста иза. Къена дитташ бухдохуш, даккхий чхернаш керчош, хьере догIу иза, аренга нийсачу даьлча, чехка йеана кIадъелла говр санна, болар лагIдой, меллаша малхбузехьа дIашерша.

      Оцу чIожахь, некъо голатухучохь, цхьана торха тIехь хиъна Ia ши жимастаг. Кхузара дIа гена гo Ведана хьала а, охьа а лела некъахой. Шинна хьалха тIулган чIопачу экъан тIе охьайехкина йу йохийна сискалан ах а, нехчин межарг а, цIен ши хох а, бехчалга йуккъе хьарчийна гIopгIа туьха а, кхийран жимачу чIижалга чохь хи а. И шиъ сутара тасавелла оцу бекъачу кхачанах. Цаьршиннан мацваларе хьаьжча, и шиъ кхузахь волу дикка хан йу. Кхача бууш велахь а, цаьршиммо сих-сиха бIаьрг туху Веданара охьабогIучу новкъа. Геннахь ворда, гIудалкх гучуйаьлча, бIаьргаш тIе турмал а лоций, хьожу.

      Шинна а улло охьайехкина пхоьазза йолу карабинаш йу. Некха тIехула морзахйохуш тийсина патармийн гIаьпнаш а, хаьн тIехь тапчанаш а, шишша бомба а йу, детица кхелина шаьлтанаш а йу.

      И ши жима стаг цхьана хенара велахь а, цхьаъ воккха