Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
оцу дерстинчу дилха йукъахь доцуш экха дац, – элира Тасухас, совдегар къайлаваьлча. – Борз, хьакха, цхьогал, мукадахка, пашбукъ. Адамашца, цуьнан гIуллакхашка хьожжий, хийцало уьш. Къиза хила везахь а, йамартло, тешнабехк бан безахь а, хьаставала везахь а. Тхан йуьртахо ву Бета. Сан хенара. Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болчу хенахь эла Авалун къайлах айкх вара иза. МахкатIехь, Хоттанехь, Тевзанахь, Элистанжахь а наха дIа мел баьккхина ког Iедална тIе дIахьош. ТIаккха масех шарахь МахкатIехь йуьртда а лаьттира. Нах талош шай-кай а IаIийна, совдегаралла лело вуьйлира. Амма наха ца вуьтура иза кху aгIop ког хецна ваха. Шозза цIенош а дагийра, йалта а, докъарш а дагадора, даьхни ца дуьтура. Кхузахь шен гIуллакх хир доцийла а хиъна, кхелхина, Шела вахара иза.

      Некъахо хIумма а цец ца велира Тасухас дийцинчух. Мацах цкъа хIокхуьнан шен да а ваханера оццу новкъа…

      4

      Ведана гIопана тIехьара йоккха майда дIалаьцнера базаро. Кхузахь бара беркъа бухабелла гондIарчу йарташкара нохчий а, де довха делахь а, тIейуьйхина кхакханан кетарш, коьрта техкина кхакханан куйнаш а долуш, Iаьндой а, мелардой а, цIадахьарой а. Эшамаша таIийна, стерчий санна Бециш бакъабеллачу царна йукъахь догIмашца а, басца а, духарца а къестара аренгара баьхкина таронаш йолу нах а, кегийра совдегарш а, кху гIопехь гIуллакх деш болу нохчийн, оьрсийн эпсарш а, салтий а, чиновникаш а.

      ГIопан тIулгах бинчу лекхачу пенан бохалла хIиттина лаьттачу а, хевшина Iачу а божаршний, зударшний хьалха Iохкура цара шаьш дина дагарш, мангалш, целаш, маьрсаш, пешан гIалакхаш, морзахаш, таьлсаш, бухкарш. Йукъа-кара тIулгашна йукъа пенах диттинчу дечган хьостамех кхозура вертанаш а, бустамаш дохуш кечдина къорза истангаш а.

      Цхьана aгIop шайн могIа бара йалтийн, цIеста а, кхийра а пхьегIаш йухкучу дегIастанхойн. Йуьстах, нехан кертех дIатийсина лаьтташ, говраш, бежанаш дара, мацалла чожаш чу а кхетта. Басехьа, доккхачу бIара кIел, гapcex жижигаш, дуьмеш кхозура, оццу могIарехь зударий а лаьттара кхийра пхьегIаш чохь даьтта, моз, виэта, кIалд, нехча йухкуш.

      Кхекхий, цIокарчий, тIаргIий бухкучу мoгIape йигна, шен ворда сацийра Тасухас.

      Ворданара охьа а воьссина, цу чуьра схьаэцна шен чамда лаьтта а хIоттийна, Тасухин куьг лаьцна, цунна даггара баркалла элира некъахочо. ТIаккха, коьртара картуз дIа а йаьккхина, кисанара схьадаьккхина йовлакх тиллачу коьртах а, йуьхьах а хьаькхна, гондIа бIаьрг туьйхира цо. Уггар хьалха цунна гира базаран майданна тIехула айаделла лаьтта йеттинчу кибарчигех дина доккха цIа. Шуьйрачу неIаран а, шина коран а тIехуле дIалоцуш тоьхначу сийна басар хьаькхначу анна тIехь Iaьpжачу элпашца доккха йаздина дара: «Товары купца Носова». И цIа а, и туька а, йа xIapa базар а йацара ткъе ворхI шо хьалха, xIapa некъахо кхузара дIавоьдуш.

      Шен чамда кара а лаьцна, базар йукъа велира некъахо. Вевзарг гape догдохуш, лерина нехан йаххьашка а хьоьжуш, базархула масех гуо баьккхира цо. Цунна бевзарш хила а тарлора кхузахь, амма оцу ткъе ворхI шарахь церан йуьхь-сибат цадовззал хийцаделла хир дара. Вевзарг карорах дог а диллина, зударийн базар йолчу а вахана, цхьаьнгара эцна нехчин межарг, газета йукъахьарчийна, кисана