Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
вуьтура иза шен лаам а, сацам а кхочушбан. Обарг ваьлла, зуламаш деш лела хьайн кIант Iедална тIевалаве бохуш, ша бIарзвича, кIантах дIакхийтира иза.

      ЭлсангIаьрца долу мостагIалла а машарца дерза ца дуьтура Iедало. Добровольскийс шена герга озийнера церан цIийнан нах. Цунна къаьсттана доггах гIуллакх дора Iадода. Зеламхас а, цуьнан доьзало а, гергарчу наха а дIa мел баьккхина ког Iедале дIабуьйцуш, уьш къиза хьийзабойтура цо. Зеламхас мосазза а алийтира цуьнга, и хьайн мотт сацабе. Амма иза ца соцура. Iедало ша ларвийр ву, моьттура цунна. Зеламхас Iадод вийра.

      Хьалха чIир дуьхь-дуьхьал нисйеллера церан. ЭлсангIара Солтамурдан доттагI Ушурма вийча, цунна дуьхьал Элсан вийнера ГушмацIагIара. Ткъа хIинца хIокхара Iадод вийча, цIий хьаьрчира царах.

      ГушмацIин ваша Хьамза, воккха стаг, гIийла стаг вара. Цхьана пIераскан дийнахь, рузбанера арабевлча, Хьамза вийра ЭлсангIеран наха. Хьамзас дехарш дира цаьрга, ша къена стаг ву, шен вашас а, цуьнан кIанта а лелочу гIуллакхийн декъахь а вац, тIе аш лацийтина шен кIант набахтехь велла, ша ма вехьара аш бохуш. ХIетте а вийра.

      ГушмацIин воккхахволу кIант Хаси цомгаш, гIийла стаг вара. Цхьа а доьзалхо а вацара цуьнан. Иза гIийла стаг хиларна, ГушмацIин чIирхоша а новкъарло ца йора цунна. Aмма Iедало хьийзавора и миска, хьайн да а, ваша а шайга схьало бохуш. Эххар а, лаьцна вигна, Ведана набахти чу кхоьссира иза.

      Йуьхьанца деца а, вешица а вацара Солтамурд. Iедало ша йуьртахь ца витича, шайн уьстагIашца Къоьзан-Iоме а вахана, цигахь хан токхуш вара иза. Шена ахьар а дахьа, бехйелла бедарш а йиттийта, цхьана дийнахь йуьрта вогIу иза новкъахь Добровольскийна тIеIоттавелира. Цуьнца салтий а бара. Солтамурдехь мокхаз биллина топ йара. И тайпа топ лело бакъо йеллера нохчашна. Амма Добровольский, цунна дена а, нанна а хьежош, цуьнгара топ схьайаккха гIоьртира. Топ дIайелча а, ша лаьцна дIавуьгур вуйла хаьа Солтамурд, шед тоьхна, цIеххьана говр а йадийтина, ведда кIелхьарвелира. ХIокху махкахь шена синтем хир боцийла хиъна, иза Iаьнда вахара.

      ТIаккха ГушмацIагIеран цIахь цхьа а боьрша стаг ца висира. Итт шо хенара Бийсолта воцург. Зударий ца ларабора дохнаца а, керт-коврачу гIуллакхашца а. Солтамурд маьрша витахьара аьлла, дехар дан Беци а, Зезаг а Добровольскийна тIейахийтира Зеламхас. Амма округан начальнико цаьршинца къамел а ца дира. Заддаш, кхахьпанаш бохуш, йаппарш йеш, эккхийра. ТIаккха цхьана буса Зеламха ша вахара Добровольский волчу. ГIопехь ха деш болу салтий Зеламхас кхерийнера. Цул совнаха, царна дош деллера цо начальникана цхьа а тайпа зен ца дан. Салташа къайллах гIопа чу витира иза. Подполковник шен хIусамехь охьавижа кечвелла карийра цунна. Зеламха, бIаьрг ма-кхийтти, вевзира подполковникна, амма воьхна ца хьаьвзира. Хетарехь, иза тешна вара арахь сема лаьттачу салтех. Цул совнаха, Зеламха машарна веана аьлла а, хийтира цунна. Зеламхас, хьийзораш а ца йеш, къамел долийра.

      – Полковник! Тхан а, ЭлсангIеран а девнна йукъа а гIоьртина, лецна тхо Сибрех дахийти ахь. Сох обарг винарг а хьо ву. Сан зуда жимачу бераца набахти а кхоьссина, цуьнга оцу чохь кхо бутт хан йаккхийти ахь. Къена сан да хьийзош, бIарзвина, сох схьакхетийти ахь. Тхан мостагIаша а чIирах маьрша витина, цомгаш, гIийла сан воккхахволу ваша а набахти воьллира ахь. Оцу дерригенах