Кхолламан цхьа де. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
баккхийниш совцо атта дара. ХІинца дерг ша ду. И зуламе эладита берашна йуккъе даржаро пайда бийр бацара. Амма, муха сацо деза иза? И эладитанаш бакъ дац бахарх, уьш совцур бац. Царца тІетаьІІина кхетаман болх бан беза. Муха, мичара дІадоло деза? Николай Кузьмична шена а ца хаьа бакъдерг. Амма иза тешна вара дерриге халкъ бехке цахиларх. ТІехула тІе, шайн заманахь Маркса а, Энгельса а лаккхара мах хадийна оцу халкъан. Цунах лаьцна диканиг аьлла Сталина а, Орджоникидзес а, Кировс а, кхин дуккха а большевикийи партин деятельша а. Ткъа хІинца хІун хилла? Ца хаьа. Нагахь оцу гІуллакха тІехь цо политически гІалат далийтахь, тІаккха а хир ду гуттар доьхнарг. Амма гІуллакх иштта дуьтийла-м йац…

      Дуккха а ойланаш йиначул тІаьхьа, цо сацамбира суьйранна педсовет гулйан. Оцу дийнахь шеца хилларг а, шен хилла сацам а зудче дІабийцира цо.

      – Хаац суна-м, Коля, хьуна хІун аьлла хьехар лур ду, – элира. Мария Петровнас, майрачуьнга леррина ла а доьгІна, тІаккха, дикка ойла а йина, тІетуьйхира: – Ахь схьалаьцнарг политически маьІна долуш гІуллакх ду. Цхьа бехк ца баьлча, дийнна халкъ махках доккхур дац. ДІогахь, коьрттехь хиъна Іаш Сталин ма ву дерриг хууш, гуш а. Цхьа бахьана ца хилча, цо хуьлуьйтур ма дацара иза.

      – Сан даго ма боху соьга, кхузахь дийнна халкъ бехке хила йиш йац, – шениг дуьйцура Николай Кузьмича. – ХІан-xIa, Maшенька, со советски стаг, коммунист а ву, со Іелур вац бакъдерг дІа а таІийна. ТІехула тІе, сан йоллу ойла йолуш со цхьаъ хилла а ца Іа. Йа хьо хьуо а ца теша айхьа дуьйцучух. – Иштта-м ма дара иза, Коля. Амма, ахь гІалат далийтахь, бохам хир бу-кх вайна. Ас йийца ма ца оьшу хьуна хIара зама. Ког когах кхетта а, галвалахь, вахана агІо ца хоуьйтуш, тІепаза войъу. Хьанна хаьа, вайн коллективехь хила а тарло хьуна бохам хила лууш стаг. Цул, айхьа цхьаъ доладале, цкъа хьалха Рахманкул Жапаровичах дагавалахьа. Шуьшиннан вовшех лачкъийна хІума а дац.

      ІІІ

      Школан дешаран декъан заведующис Рахманкул Жапарович Юсуповс леррина ладуьйгІира Берсин хьокъехь Николай Кузьмича шега дийцинчуьнга. Амма, и гІуллакх педсовете дилла цуьнан сацам хилар хиъча, резавоцуш корта хьовзийра цо.

      – Мегар дац иза, Николай Кузьмич. И тайпа гІуллакх педсовете ца дуьллу.

      – Ца мага хІун ду кхузахь? Бераш кхетош-кхиош дац ткъа вай? Бахархошна йукъахь кхетаман болх бан декхар дац ткъа вайн?

      – Амма вайн школин программина а, хьехархошна хьалха лаьттачу декхаршна а йукъадогІуш дац партин а, правительствон а сацамаш школашкахь бийцаребар. И халкъаш партин а, правительствон а сацамца махках даьхна. Дисинчух хьо кхеташ хир ву моьтту суна.

      Николай Кузьмич хьаллагІеттира.

      – Делахь хІета, кхоьру-кх хьо? – кІоршаме Іоттар йира цо Рахманкулна. – Ленински кхайкхамца партин могІаре хІоьттина, Ленинан весеташ кхочушдан дуй биъна, хьо шира большевик а йухаваьлча, партехь боцчу хьехархошка дийца сан хІумма а дац!

      Оцу шен моханца аравала дагахь дІаволавелла иза сацийра, вагийча санна, цІеххьана хьала а иккхина, бІаьргех долу куьзганаш катоьхна дІадаьхна,