Кхолламан цхьа де. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
жима кІант. Цуьнан баккхий кхиамаш бу литературин а, историн а, географин а предметашна. Амма иза ларавац оьрсийн меттан грамматикица. Николай Кузьмична гІайгІа хуьлу цуьнан болх таллар. ХІор а дашехь шишша-кхоккха гІалат. ХІетте а, Николай Кузьмична лаац, шиъ а диллина, цуьнан догдохо. Къинхьегамна тІера, дешарехьа боккха безам болуш, хьекъале бер ду иза. Цул сов, цаьршинна йуккъехь цІеххьана цхьа шатайпачу хьолехь кхолладелла доттагІалла ду…

      * * *

      Йуьртан а, школан а куьйгалхой мел чІогІа гІертарх а, церан ницкъ ца кхаьчнера школехь доьшу хан йолу нохчийн бераш дерриге а дешарна йукъаозо. Цуьнан кхоъ бахьана дара: нохчийн берашна йа гІиргІазойн а, йа оьрсийн мотт а ца хаьра. ХІокху махках а, кхузарчу къаьмнех а боьлла цахилар, шайна тІехІоьттина хало а. Цундела, школан хьехархойн коллективо къаьсттина а йоккха терго йора доьшуш долчу нохчийн кІеззигчу берийн. Занятеш чекхйевллачул тІаьхьа биллина дІа цаьрца болх бора, харцахьара лелча а, гечдора. Шаьш иштта церан догъэцча, важа дисина бераш а школе дахкаре догдохура хьехархоша.

      …Дешаран шо доладелла бутт а балале, пхьоалгІачу классераБерса а, ворхІалгІачу классера Митька Величенко а валош Николай Кузьмичан кабинет чу йеара пхоьалгІачу классан куьйгалхо къона хьехархо Валентина Андреевна. Шина а кІентан йаххьашна тІехь сийна буьччалгаш а, цІийн хьоькхнаш а йара.

      – Сан бехк бац! Иза ша хьалха летира сох! – мохь хоькхураМитькас, велха а воьлхуш, – даим массеран а кочахь ву иза. Цо сайна тІулг тоьхча, летта со. ТІехула тІе, ша, урс Іоьттина, сан гай хоьцур йу бохуш, кхерамаш туьйсура цо…

      Берса, вист ца хуьлуш, оьгІазе шен довхочуьнга а хьаьжна, доккха са а даьккхина, соне вогІавелира.

      – Митькас дуьйцург бакъ дуй, Берса? – хаьттира Николай Кузьмича.

      Берса вист ца хилира.

      – Гой хьуна, Николай Кузьмич! Бакъду, дера-кх! ДІатийний? Вистхила йуьхь ма йац цуьнан!

      – Ткъа хьо вист ма хила! Хьоьга ца хоьтту цо. Хьан гІоггІал воцу Берса ма дика лета хьох? Хьайн бехк нахана тІетатта ма гIepтa! – Берсегахьа гІодаьккхира Валентина Андреевнас.

      Баркаллех буьзна ши бІаьрг Валентина Андреевне а хьажийна, йуха а охьатаьІира Берса.

      «Бераш – бераш ду-кх, – ойла йора Николай Кузьмича, цаьршинга а хьоьжуш, – шайниг дуьтий ца Іа уьш цхьаннахьа а, цкъа а. Чевне хІума ца хуьлура царна йукъадогІург-м. Цхьа сахьт далале, тан а тайна, цхьаьний ловзуш дІаволалур ву. Амма Митька иштта дIавахийта тарлур дац. Цхьанна гечдахь, бисинарш а эвхьазбевр бу».

      – ХІаъа, дера, ду шу, Митя, дика кІентий. Вокх-воккханиг жимачух лета. Кху цхьана баттахь масазза а низам талхийна ахь. Классан куьлйгалхочо масазза а валхийна хьо. Хьайн къена нана ас педсовете кхойкхийла лаьа хьуна? Хьан да вийча, дагна хилла чов ца йоьрзуш, синтем байна хьийза, хІинца хьох гІайгІа a хилла лела иза. Вайн ирсан, вайн даймехкан дуьхьа шен дахар дІаделлачу хьайн ден, тахана гена Польшехь фашистех леташ волчу хьайн вешин, йерриге халонаш эшош, шена там-товр ца лоьхуш, церан дуьхьа кху