– Доцца аьлча, гІуллакх галдаьлла-кх вайн, – элира цо, куьйгах летта хатташ дІа а бохуш, – дІадаханчу шарахь адамаш даларна бехке-м мацалла а йацара. ХІетахь вайн карахь цІера деана мелла а йалта дара. И чекхдаьлча, карара сал-пал а йухкуш, хІума эца аьтто а хилира. Махкаллаш деш белира дукха нах. Кху Іай гІелдин вай мацалло. Баккъалла а аьлча, дукха нахехь ницкъ а бацара шайна къастийна латта лело, балха баха а.
Хелипата аьллачо Зануна дагадаийтира бІаьста, гуттар шайн гІаддайча, ша куз бохка йахар. Иза бара шиъ-ах метр шуьйра, кхоъ-ах метр беха, хаза кечбина гІажарийн куз. Зану Маиле йеача, ден-цІа а йахана йуха йогІуш нанас совгІатна белла. Зануна хезнера, и куз мацах цкъа шен денанас, гомаш а йоьхкина, эцнера бохуш. Шаьшшиннан долара дерриге хІума доьхкинчул тІаьхьа а ца бухкуш, Занун ден а, ненан а безамна Іалашбеш латтабора цаьршимма иза. Амма кху Іай цІеххьана цомгаш хилла, вехха меттахь висинчу Маилна кхачанна кхин дан хІума а ца хилла, иза бохка арайелира Зану. Цхьана кертара вукху керта хІуьттуш, йуьртах чекхйелира иза. Безачу кузах цуьнга кховдориг йа ах кийла даьтта, йа жимо ши хьокхам хуьлура. Хьанна хаьара, луларчу йарташкахь, къаьсттина царна бархІ километр генарчу узбекийн йуьртахь хІуттучу базарахь кузах ах мах бала а мегара. Амма Занун а, йа цхьана а нохчочун а бакъо йацара комендатурин бертаза цига ваха. Ткъа Маилан (цунна дукхавезачу, цуьнан гІийлачу Маилан) кийра рицкъа дахаза масех де дара. Куз луччух дІабохка дийзира. Иза суьйранна цІа йеара, ах кийла даьттий, ши кийла нехчий, цхьа кийла хьаьжкІийн ахьаррий дохьуш…
– Хелипат! – чІоггІа йистхилира Зану, иза уллохь йоцуш, ткъа цхьана генахь, мохь тоьхча ца хеззехь йолуш санна.
– ХІун боху ахь, Зану? – цецйаьлла хьалатаьІира Хелипат.
– ХІун бехк баьлла доьхкина вай кху къизачу Іазапе? Ма хала ду хІара лан! Цхьа бехк баьлла, таІзар токхуш делхьара а хІумма дацара. Бехк-гуьнахь доцуш цІийнах, махках баьхна бІарзбина лело зударий, бераш… ХІара-м адамана дуьйцу а цахезнарг дай, Хелипат… Стенна бехке ву и велла Іуьллу воккха стаг, вайша, кхин а эзарнаш? Вай хьанна хІун дина, Хелипат?…
Зану, саца а сецна, жоп доьхуш, Хелипате хьаьжира. Хелипатна гира оьгІазаллех буьзна богу Занун Іаьржа бІаьргаш, йолчу тІе а макхйелла йуьхь, хорша йеача санна, йего чІениг, вовшехйеттало цергаш.
– Хаац, Зану. Суна хаац… Кха тІе а йахана, нийсса цIа йан а халла хууш къанйеллачу суна ца хаьа хьуна жоп дала. Хьуна дешар хаьа, Іедалан балхана йуккъе а гІиртина. Сол хьекъал долуш хир йу хьо.
Маржа дуьне йаІ-кх! ДІа мел боккхучу кого, олучу дашо карлабоху-кх генара Даймохк, ирсе кьоналла!
«Хьуна дешар хаьа, хьо Іедалан балхана йукъа а гІиртина…»
Карладийлира йуьртарчу школехь доьшуш Іийна шераш, Маилца цхьаьна ворхІ класс чекхйаккхар. Ша йуьртан библиотекехь болх бина ши шо. Дуьххьара йуьртахь вовшахтоьхна исбаьхьаллин цхьаьнакхетаралла, Соьлжа-ГІалахь нохчийн театран сцени тІехь