Ша Макка вахале йиллинера Iaьлбага хIара хьуьжар. Кхузара бераш деша-йаздан Iамо. Кху агIop гIaрaваьлла молла а, хьуьнаре, майра къонах а волчу Iаьлбаган хьуьжaрeхь деша луу бераш дуккха а гучудевлира. Кху йуьртара-м хьовха, гондIарчу йарташкара а. Iаьлбага маьхза Iамадора бераш. Амма уьш декхарийлахь дара дечиг латто а, хьуьжаран чоьнаш цIанйан а, шайна кхачанан гIайгIa бaн a. Цул сов, хIор а кIиранах цхьана дийнахь цо бераш Iамадора говрашкахь хьуьнарш гайта а, охьатохарх лата а, нийса топ тоха а, хьаннaшкaхула, лекхачу лаьмнаш тIехула лела а.
Цкъа а цамгарш лехьош вацара Iаьлбаг. Амма тахана, наггахь коьрте лазар хьодуш, дагар дара цунна. ДегI а дара тхьуздоьлла. Охьавижар-м хир дацара, шийлачу xица корта мукъане а буьлур бара-кх. ГIоли хир йацара-те?
– Бераш, таханeннa тoyьйту вай, – аьлла, мутаIеламаш паргIатбитира цо…
2
Iаьлбагна чIогIа лаьара шен хьуьжарерчу берашна дуьненан Ӏилма Іамо, царах, Берса санна, хьекъал а, кхетам а болуш адамаш дан. Амма иза хьехoчохь а дацара. Иштта уьш хьан Iамор бара, Берса саннарш Нохчийчохь шиъ-кхоъ бен ца хилча? Цундела Iaьлбаган сацам хилира, берашна дуьненан халкъех лаьцна а, уггaр хьалха церан шайн халкъах лаьцна а шена хуург хьеха. Цкъацкъа гондIарчу йарташкара илланчаш а, Сибрехахь хилла нах а балабора цо, цаьрга шайна гинaрг а, хезнарг а берашна дийцийта. Цкъа Гати-Юьртара Васал а валийра – ведда веанчу оьрсичух хилла нохчо.
Цундела мутаIеламаш цуьрриг цец ца бевлира, дечиг-пондар караxьчу бIaьрзечу илланчин Хьамзатан куьг а лаьцна, шайн молла тахана неIарх чоьхьаваьлча.
– Ассаламу Iалайкум! – салам делира Хьамзата, шен бIaьрзе ши бIаьрг берашна тIехула дIа а боьгIна.
Берашлаxь воккхачу Марвана салам схьаийцира.
Ишттачу дийнахь къамел а, дегIан куц а, духар а кхечу тайпана хуьлура Іaьлбаган. Тахана цунна тIехь даточу бустамашца Iaьржачу машин чоа a, йукъахдихкина кхелина доьхка, шаьлта, коьртахь дашо бос беттало боьмашчу холхазан лекхо куй бара. Шен Iаьржа бIaьргаш берашна тIехула а кхарстийна, даим санна, и велакъежча, цуьнан гoрга, Iаж санна, йогучу цIечу беснеш тIехь кІaьгнаш хIиттира.
– Массо вуй тахана?
– By, – жоп делира Марвана.
– Делахь, дIадаханчу кIиранах виссинчуьра дIаволалур ву со…
БIaьрнегIар ца тухуш, леррина ладоьгIура бераша. Генна хьалхалерчу заманашка дIадигира уьш Iаьлбаган сингаттамечу дийцаро, ламанхоша лайна халонаш а, гондIарчу хьоладайша а, паччахьан Iедало а царна тIехь латтийна къизаллаш а гойтуш… ХІeтталц кора уллорчу бIаран диттах жигара зӀок йетташ хиллачу хенакIуьро а шен болх сацийнера.
– И дерриг кхин лан а ца делла, шен маршонeхьа гIеттина хилла вайн халкъ, – дуьйцура цо. – Цуьнан коьрте хIоьттина Алдара Ушурма, Шайх Мансур аьлла цIе йахана. ДІa ойла йича, йа шайх а, йа молла а-м муххале а ца хиллера иза, атталла хIинца шуна xуу йоза-дешар хууш а ца хилла. Амма цунна тIаьхьахIоьттира вайн халкъ. Нохчий хьовха, уьш санна, паччахьо а, шайн элаша а хьийзо кху