Гончаров командир волчура схьавеъча, гуш дара командира цунна дов дина хилар.
– Дадиев, ас цуьнга ша дерриге а дIадийцина хьуна – хьо мила ву а, Рыжий муха стаг ву а. Вало, хIинца иза хьоьга хьоьжуш ву хьуна. Эскаран гIиллакхца догIуш маршалла а хаттий, чоьхьа вала. Делах тешна ву-кх хьо!
Руслан шен эткаш а цIанйина, духар а нисдина, штаб йолчу агIор дIавахара. Доккха са а даьккхина, командиран неI туьйхира цо.
– Чоьхьа вала! – дийкира командиран къора аз.
– Товарищ подполковник, саьлти Дадиев хьан омранца схьакхаьчна!
Гундаревс Руслане дIа а ца хьожуш масех кехатана куьйг йаздира, ткъа цул тIаьхьа бен ца элира:
– ПаргIат!
– Хьан кехаташка хьаьжнера со, цундела сан къамел доцца хир ду. – элира Гундаревс. Со суо а ву берийн цIийнахь кхиъна. Хьо берийн цIийнахь кхиъна вацахь а, амма да-нана доцу буобер ду. Со эскаре вахара, ткъа цул тIаьхьа тIеман училище деша хIоьттира, эпсар а хилира соьх, ткъа хIинца хьуна ма-гарра командиран дарже а кхечи со. Муьлхха а саьлти, сайн сих даьлла сайн бер санна хета суна. Ткъе пхеа шарахь эпсар волуш, ас цхьа а саьлти йа набахте а, йа дисбате а ца вахийтина. ГIалат массаьргара а долуш хуьлу, со кхета. Йалх шо хьалха со майор волчу хенахь цхьа саьлти набахте дIахьажо везаш вара ас. Хьо санна нохчо вара иза а. Цо-м доккха зулам ца динера. Ахь тахана минот йаьллехь стаг вара вуьйш, ткъа иза цкъа а цхьаненна а зен-зулам дина вацара. И нохчо сержант ха деш волчу хенахь, вижина а виссина, цуьнан саьлтийша столови чохь горгамаш ца хьаькхнера.
Iуьйранна боьха чоь гиначу ас, массарна а хьалха цуьнга элира:
– Хьан саьлтий бахьана долуш йу хIара чоь боьха, цундела ахь хIинца горгам хьокхур йу кхуза чохь.
Цхьа бутт бен бацара цунна эскарехь баккха биссинарг. Цо ша цкъа а горгам караоьцур йац элира, тIаккха ас иза кхерийра омра кхочуш ца дарна, набахте вохуьйтур ву аьлла, амма сержанта хIумма а ца вухуш, жоп делира:
– Тоьпаш тоха а мегар ду хьуна, амма ас горгам хьокхур йац. Со чIогIа воьхнера, и гIуллакх нийса муха къастор ду ца хууш, хIунда аьлча сан иза набахте вахийта дезаш хьал кхолладеллера боккъалла а. Ас саьлтийшка элира сайна хи чохь ведар а, горгам а схьайа. Меллаша пхьуйшаш хьалакарчийна, со цIенкъа горгам хьакха волавелира. Сержант макхвелла лаьттара, ткъа йуха шена а саьлтишкара горгам а йехна, соьца нийсса горгам хьакха волавелира иза. Оцу кепара сержанта а майора а цхьаьна горгамаш хьокхуш, чоь дIацIанйира. Сан а, цуьнан а дахарехь дуьххьара а, тIаьххьара а хилла хIума дара иза. Иза эскарера ваьлча, со суо вахара иза новкъаваккха, цул совнаха институте деша хIуттуш, дика рекомендаци а йазйира аса цунна. Ас и хьоьга стенна дуьйцуш ду? Хьо институтехь дика доьшуш хиларе терра, хьайна лиъча дахарехь шортта кхиамаш бохур бу ахь. Дахаро башха