Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:
– Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?
– Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?
Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.
– Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?
– Дика ду. – Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.
– Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?
– Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета. Кху йалхийтта шеран йохаллехь Кантас шен безам, шен комаьршалла ца кхоош, лелийна со, бовзийтина суна нохчаллин лехамаш, кхиийна соьхь Даймахке безам. Цо даима а олуш дара соьга, мацца вахана а, Даймахка цIа ваха веза.
– Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?
– Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна. Дика стаг ву иза. Кхин ала хIума дац сан цуьнан хьокъехь.
– Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора. Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду – нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.
– Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга – Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.
– ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?
– Суна ца хаьа!
– Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.
– Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.
– Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.
– Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн