Нисдеш дукъ чадакх хорша а диллина, дукъарцаш шайн метта дIа а доьхкина, дечиган нох хьалаайъира цо. Нахаран пхатоьда, артделлехь а, мегар долуш дара.
Берашка ладогIа дагахь, кхор болчухьа волавелира Iела. Кхура тIехь эсала бека къоркхокха, xIapa тIевогIу гича, цкъа дIа а тийна, цецбаьлла дIаса а хьаьжна, тIаккха, тIемаш тоьхна, бедда хьуьна тIехула къайлабелира. Ши кIант самавалаза, чIогIа набарш кхетта Iуьллуш карийра дена. Гаьнгали чохь Iуьллучу Iумаран бесни тIехула бедда лела моза дIа а эккхийна, аганарчу Iусмане хьаьжира. Ша ган цхьа а воцийла хиъча, Iела, ховха балдаш хьедеш, набарх велакъежачу кIантана тIе охьа а таьIна, хьажа тIе байн барт белла, тIаккха цунна йуххехь лаьтта чIижалг схьа а эцна, стерчий хьалха а лаьхкина, Iин чу вахара.
Стерчашна хи а малийна, ламаз а эцна, шийла хи дохьуш йухавеанчу цунна нитташ хьакхийна Iаш карийра Айза. Цо кхача хьалха билларе хьожуш, верта а даржийна, цу тIе дIатевжира майра. Амма кхача хьалха буьллуш дукха хан ца йийзира. ТIулган экъан тIехь йакъош йеттинчу сискалан ах шина декъе а йекъна, доккхахдолу дакъа майрачунна хьалха теттира зудчо.
– Туьха жимма кхоийна ас. Суьйранна оьшур ду вайна иза.
– ЧорагIаьрга схьакхайкхахьа, – элира Iелас, кхачанна тIе а ца кхевдаш.
– Вай хIун йао кхойкху цаьрга? Сарахь хьолтIамаш йийр йу ас, тIаккха балор вай.
– ГIиллакхехь ма дац.
Чора а, ЖовхIар а садаIа сацаза дара. Чора хьалхавоьдура, ирбинчу хьокхица лаьттах кIаьгнаш дохуш, ткъа, кучан йуха чу хьаьжкIаш лаьцна, ги бер доьллина тIаьхьахIоьттинчу ЖовхIара царна чутуьйсуш, тIе ког хьокхуш, дIакъуьйлура буьртигаш.
– Ва Чора! – кхайкхира Iела.
Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалатаьIира.
– Схьадуьйлийша, цхьаьний хIума кхалла вай?
– Баркалла, Iела, гIоза йоийла! Шуьгахь доллу дабагIа ду тхойшингахь а. Суьйранна цхьаъ дер вай.
И шиъ схьа ца догIуш сецча, Iела йуучунна тIехилира. Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо.
– Ас даим олуш ду хьоьга, йуучунна тIехь со толо ма гIерта.
Айзас сискалан йуьхк майрачунна хьалха теттира:
– Стаг, хьо-м къахьоьгуш вай, вуззалц хIума йууш ца хилча, дегIехь ницкъ хир бац.
– Асчул тIех къахьоьгу ахь. Соьца болх бина ахь, хIинца, со садаIа агIорваьлча, берашна гуонаха хьийза а деза. Цул сов, айхьа йуург бераца а йоькъу.
Кхача мел миска белахь а, цул чомехь хIума ца хийтира Iелина. Йекъа сискал, дуьра нитташ, шийла шовда. Иза тешна вара, тахана кхин биэн-берса кхача буур болуш оцу регIаца, оцу ирзошца стаг вацарх. Бакъду, керлачу йуьртден Iосин, Шахьбин, ХортIин шортта даьхний а, жижиг а, дама а ду, амма шаьш йолах лецначу ахархошна цара уьш бIаьрга-м ца гойту. Йолахошна йал а ца ло цара. ДуьххьалдIа Iосас а, молла Шахьбис а, совдегаро ХортIас а – цара, цхьа масех стага, шайна кхаш лелориг оцу нахана ирзош аха гота ло. Ткъа шаьш, наггахь цара хIун до хьовса а богIуш, цIахь бийшина Iохку.
Делкъе йиначул тIаьхьа