Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
Эрзинган шахьаршна гонаха пхи эзар нохчийн доьзал гулбелира. Цигахь йалх бутт хан текхира цара. КIелхIитта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел. Мацалло гIелбинера мухIажарш, тайп-тайпанчу цамгарша хIора дийнахь бIе, ши бIе стаг дIахьора. Мацалла бIарзбелла нах талораш дан шозза Муш шахьарна тIелетира. Шаьш Iехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цIа берза сацам бира. Шаьш даймахка цIа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат йаздира цара. Сардало и дехар йухатоьхча, туркойн а, оьрсийн а Iедалийн бертаза даймахка цIа берза новкъа бевлира уьш. Iелина хьалха хIоьттира хIетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар йалх бIе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенанаш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьIахкаш тIе а йевлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь, туркойн эскарша шайна тIе йаккхий тоьпаш йетташ, хIоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра Iелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу…

      3

      Шен ойланашца хьалха дIадахана шовзткъа шо листина, хIинца йуха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу Iелин бIаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хIоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тIаьххьара сахьт тIехIотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца йерриг а халонаш лайна бIаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гIийла-миска, амма майра, тешаме МIаьчиг а, даим буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хIокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кIентий.

      ХIун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?

      Амма дуккха а халонаш эшош, новкъахь лечкъаш, цIа вирзинчу Iелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цIа веана шо а кхачале, керлачу гIаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна йуьстах латта. ГIаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарех цхьаъ вара Iела. Амма царна йукъа тарвеллачу цхьана йамартхочо уьш, къайлах Iедале дIа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Iела.

      И цхьаъ вацара цига хьажийнарг. Уьш масех бIе вара. Кхин а цкъа хадийра Нохчийчоь шен уггаре тешамечу, майрачу кIентех. Мацаллин гIело хьоьгуш, Iазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо йалтин чим а боцуш, шина кIантаца йуьсучу Айзин а ойла йеш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара Iела.

      Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. ХIинца къанвелла, къежвелла, дегIера ницкъ а эшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу йуьрта. Каторгин халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а эгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дIа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена Iожалла йийхира Iелас. Амма Дала Iожалла ца лора цунна. Ца велла йалхитта шарахь тIеман цIергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.

      Ненан