Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
таттарх ца кхетара уьш. Амма, кхидIа ойла ца йеш, массара а куьйгаш хьалалeцира. Хьаькамашна тайчхьана, царна хIун ду?

      – Амин!

      – АллахIу амин!

      – Йа АллахI, хIай ницкъ болу Дела, тхан сийлаxьчу паччахьо Эликсандра цаваьллачу денна тхан массеран луьрачу мостагIчуьнца турко-паччахьца болийначу бакъ тIамехь иза йуьхькIайн велахь, изa тoлaме кхачо хьайн пайхамарийн, маликийн, эвлайаийн орца лолахь цунна…

      – Амин!

      – АллахIу амин!

      – ГІо делахь цунна, Дела!

      – Хьайн маликаш орцахдахалахь…

      – …Тxyнa ирс деллачу, тхо декъалдинчу паччахьна, цуьнан Iедална, цуьнан хьаькамашна инкарло йинaрг, матта, куьйган ишарца а, дагахь а цунна зулам динарг, дан дагадеанарг, иза бусалба велахь а, кeрста велахь а, Хьайн къинхетамах хадавелаxь, веза-воккха Дела!..

      Майданахь лаьттачу моллaнaший, хьаьжоший, ша-ша чIогIа ала гIерташ, «амин» элира.

      Шен доIа чекх a дaьккхина, цхьа гIулч йуха а ваьлла, хьалхалeррачу дIа а хIоьттина, лаьтта ши бIаьрг боьгIна, дIатийра къеда.

      Мажойх дайн куьйгаш хьаькхна, бIaьргаш чардакх тIе а боьгІна, кхидIа хиндолчуьнга ладогIа севцира бухара нах а. Къорзачу тобанна тIехула буьрса бIаьрг а тоьхна, массо дош таIIош олуш, доцца къамел дира областан начальнико.

      – Суна хетарехь, шуна хаьа ас шаьш схьа хIунда кхайкхина. Цхьа кIира хьалха, шуна ма-хаъара, туркошца тIом болийна Россис. Иза болоран бахьана дуьйцу ас доцца. Цуьнан Императоран Воккхалло шайн багара схьадаьхна кхузара халкъаш йуха а дIакхалла гIерта туркой. Амма оцу жIaьлешна моьттург бакъ дац! Оха цхьа ге а латта дIалур дац царна. Кавказан халкъаша а, оьрсийн тIемалоша а шайн цIийца лардина хIара. Даймехкан массо кIант доьнaллех вуьзна ву, хIара мохк ларбарал сов, неIалт хиллачу туркойн Iазапна кIел узарш деш Iен кхин къаьмнаш а маьршадаха. И лаам болуш, селхана цига тIаме бахана шун майра кIентий а. Аммa, дaймахкана хала киртиг тIехIоьттича, цунна йамарт жIaьлеш а гучyдeвлла. Цара бунт йина Нохчмахкахь. Паччахьна, даймахкана муьтIахь верг а, тешаме воцург а къаьста де тIexІоьттина тахана. Суна луур ду шун дагара хаа…

      Эла Эристовн талмажо ЧІyьлган Oьлабис гочдира инарлин къамел. Тобанна йуккъехь гIовгIанаш йевлира, областан хьаькам къoбaлвеш. ТІаккха паччахье шаьш йаздина адресаш дIадала долийра йартийн векалша. Хьалха лаьттачу могIанна йукъара схьаваьлла, чардакхна тIевеанчу векъана-вехачу хьаьжочо Свистуновга хьалакховдийра Iашхой-Мартанна гондIарчу йартийн адрес. Воккхачу стагера схьаэцна, кехат Чуликовга дIакховдийра инарлас.

      Доьалха тоьхна кеxат даржа а дина, мохь тоьххана деша волавелира Oьлаби:

      «Сийлахь Государь! Ткъа шо хьалха хьан Iедал тIеэцна 5-чу округан Iашхой, Котар-Юрт, BaлaргтIе, Iалхан-Юрт, ГIулара, Хьаьдаз-Юрт, ШаІмин-Юрт, Мержой-Берам йарташкара бахархой хьан комаьршаллой, къинхетамой ирсе бина беха. Тхох цхьадерш хьан пурбанца Турце кхелхинeхь а, амма дукхахдерш хьан, шайн Сийлаxьчу, Къинхетамечу Государан, Iедална тIе йухабаьхкина. Ткъа Ахь, Хьо цавитарна, цаваьллачу денна Турцина дуьхьал бакъонан тIом болийча, хьаькамийн лаам кхочушбан лиъна, Хьан майрачу эскарийн могIаршкахь