Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
ду шу.

      Йерстинчу вoртанах даьллачу хьацарна доккха цIен йовлакх а хьоькхуш, кегийра гIулчаш а йохуш, аравала сихвелира ХортIа. Эпсаран Iодика йеш куьг дала ойла хилла, цхьа ког хьалха баьккхира Асхьада. Амма капитан корехьа дIавирзира.

      – Йовсарш! – агIор корта а хьовзийна, туй кхоьссира цо, Асхьадан букъ неIарх аратилча.

      4

      Хийла къонахий гинера Гати-Юьртан маьждиган майданна. Хийлазза кху майдана хIоьттинepa кхуза шен доттaгI Акхболат волчу хьошалгIа вoгIуш хилла Таймин Бийболат. Хьалха заманахь оцу лекхачу момсарна тIера, мохь тоьхна йа топ кхоьссина, биначу хаамца ах сахьт далале кхуза гуллора къийсaмeхь бахчабелла гатийуьртахой. Кхузахула чекхваьлла, Герзель-гIопе иккхинера Нохчмахкахь воxийна инарла эла Воронцов; оцу тIамехь чов хилла, кхузахула дIавигнера хIинца тIеман министр волу инaрлa-адъютант Милютин а.

      Тахана кхуза гуллурш тера бацара хьалхалерчу бIaьхойх. Дукхахберш – кегийрхой. XIинцца маж-мекх даьлларш а, гIеметта хIиттинaрш а. Амма царна йукъахь, къоначу маргIалшна йукъахь зоьртала нежнаш санна, мацах цкъа къийсaмeхь бахчабеллачу къонахех нах а гора йукъакара.

      Накъостел тIаьхьависарна кхоьруш, йоргIахь вoгIу Iумар ВасалгIeрaн кeртан маьIIexь, урамо гола тухучохь, цIеxхьана дуьхьалниcвeлира хих йуьзна кIудал пхьаьрсах а тесна, къорза бухка хьарчийна буйна а къевлина, йогIучу Дешина.

      – Деши, хьо хи тIе ма хьалхе йахана хилла? – xaьттира цо, марсайаьллачу говран вортанах дайн куьг а тухуш.

      Дешин бIaьргаш хих буьзира.

      – Вай, кIант, хIун хир ду-те аш лелочух? Корта хьере хилла-кх…

      «ХIан, хIара йара хIинца суна йелхаза йисинарг!» – догдетIира Iумаран.

      – XIун хир ду? Йа тхо лийр ду, йа оха толам боккхур бу. Шиннах цхьаъ. Амма цIахь а, арахь а шу зударийн чІeIамаша тхо хIумма а дан-м дуьтур дац. Цул, тхуна тIаьхьа а довлий, эшаршца, хелхаршца тхан дегнаш айъа…

      ГIаддайна, бIaьрхишна йуккъехулла йелакъежира Деши.

      – Вай, вала ма ле хьо, кIант, и ала биэн хаац-кх хьуна! Тхан, зударийн, ойла йан а ца йо аш?

      – Шун ойла а йо, тхайн ойла а йо. ХIан, сан Iойла дац кхин. Марша Iойла!

      – Дала аьтто бойла шун!..

      Ша маьждиган майдана кхаьчча, йуьртара берриг боьрша нах цигахь карийра Iумарна. Тоба къорзо йара. Лекха, лоха, месала а холхазан куйнаш техкара. ТIexь – керла а, тиша а гIовталш, чоэш. Кочаоьхкина а, йукъахдихкина а тайп-тайпана герзаш. Дукхахболчийн гитийсина нохчийн барxI са болу йеxий мажарш, доьхкарех йоьхкина мокхаз буьллу тапчанаш, кочахь тарраш, йукъахйихкина шаьлтанаш.

      Лекхачу, йоккхачу говрахь Iачу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна, нах ладогIаре кхайкхира.

      – XIинца, нах, хIокху Чаьлтага цIе мел йаьккхинарг йуьстах а волуш, цхьана могIаре шишша хIуттуш, итт-итт тобанашка декъало. Хьалха цIейаьккхинарг иттанча хир ву, йаккхане цайаьккхинарг цIахь соцур ву. Чаьлтаг, кхайкхайел цIераш.

      Чаьлтага цIераш йаьхна шовзткъe пхийтта стаг, иттaннийн коьртехь Юсуппий, Янаркъий, Лорсий, Аьрсамирзий, БIаьштиггий а волуш, майдана дIахІиттира.

      ЦIeрш кхайкхийна кехат деалха а тоьхна, Чаьлтага гIовталан