Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
генара а вовза атта дара: Іай – кетар, бIaьста – чоа белшаш тIе кхуллий хуьлура иза. Йуьхьанца-м и шен сакхате пхьарс пхьуьйша болла хала хуьлуш лелара иза, ткъа тIаьхьа иштта марзвелла висира. Куй а хир бара, мел шийла йелахь а, аьрру агIор лерга тIе теттина.

      Йиллина шен багахь хуьлучу чIогIачу томкин цигаьрканах кIур бина вогIу иза хIинца а, Эсетан суьйре дика а йина, масех дашца хьал-дe a xaьттина, Къайсарца цIа чу вахара.

      Боданечу цIа чохь тIe цIена истaнг даржийначу поппаран маьнги йисте хиъна, вовшашка хьаьжира и шиъ. Васал шел воккха волу дела – Къайсарна, ткъа Васална – хIара шел жима велахь а, тхьамда хеташ, хьалха къамел доло ца лаьара.

      – Керла хIун ду эвлахь? – xaьттира Къайсара, и тийналла йахйала йоьлча.

      – Сан доттагI цIа веана.

      – МІaьчиггий?

      – ХIаъ.

      – XIунда?

      Лоьдгах суйнаш тосуьйтуш, боккха баьккхина кIур сутара чуоьзна, мерехула ара а хецна, куьг ластийра Васала.

      – ГІуллакхаш хьалхачул а галдевлла, боху, кхушара. Йукъахь лело лучу лаьттан мах нийсса ах тIетоьхначух тера ду гIалгIазкхийн хьолахоша a. ТIexула тIе, сов мах белча а, вайн нахе луш дац.

      – И хIун ду?

      – Хаац. Цигарчу къечу гIалгIазкхашца вайн гергарло тасадаларна кхоьру хир бу. Вай санна, гIийланиш ма бу царна йукъахь а. Хьалдолчу гIалгIазкхашна бецаш. Муьжгий а бац кIезиг. Шайн aьтто баьллачу мeттeхь вайх схьа ма кхета уьш. Цхьана хенахь кхузара дIа къоланаш дан оьхучу тхуна дукха гIо дира цара. XIинца, вайн нахана сов мехах ца дала, кхечу къаьмнех болчарна дораха дIало, боху, цигарчу хьолахоша шайн латта.

      Къайсарна чам байра. XIинца цу дегайовхонах хадахь, кийчча мацалла йу Нохчмахкахь.

      – ЦІийдaргийн орамаш кхио хIунда цa вaхана хIара?

      – Уьш кхиор а дIадаьккхина, боху. Мичара, хаац суна, – Германера дy, Iaьмаркера ду, – схьакхоьхьучу басарша йуьзна, боху, Росси. Кхузахь орамех кечдечу басарел дика a, иттаза дорах а долчух тера ду уьш.

      – Ма гIуллакх толур ду вайн! – йайн шок туьйxира Къайсара. – Йалта мичара хир ду, налогаш муха такха йеза?

      – Салтий а балийна, цаьрга массо керта нуй хьокхуьйтур бу Iедало.

      – Изa-м хиндерг деца. Дуьхьало йинарг Сибрех а вохуьйтур ву. XIумма а дац, ша дуткъделлачхула хедар. ХIинца дийцал, хIун гин хьуна церан агIорхьа?

      Модаший, томканой Iаржйина кисет схьа а йаьккхина, йуткъа луьйдиг а къастийна, керла гIели хьарчо вуьйлира Васал.

      – Тоъал ницкъ битина гIалгIазкхийн станицашкахь. Къонаниш эскаре бигна, амма шовзткъа-кхузткъа шерашна йуккъера гIалгIазкхий, суна хетарехь, шина эзарнал тIех хир бу. Уьш кийча бу тахана а дойшна тIе ховша. Cоьлжан полках дерг хаац суна, ГIизлара-Гребенски полкан йиъ-пхиъ йоккха топ йу.

      – Iумхан-Юьртахь?

      – Виъ бIe салти а, цхьа йоккха топ а.

      – Баркалла хьуна, Васал! Доккха гIуллакх ду ахь динарг.

      Арахь цхьамма Эсете къамел деш, ша хоттуш хезира Къайсарна. Дукха хан йалале, салам луш, чоьхьавелира Овхьад.

      Васал, бIaьргашца хаттар деш, Къайсаре хьаьжира.

      – Хьайн доттaгI волчу сакъера гIо хьо, Васал, – аравала пурба делира Къайсара воккхачу стагана. – Co, Болате хьоьжуш, соцур ву.

      Васал