Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
хьаьжча, хуур ду-кх.

      – Iуьйранна малх ма-кхийтти дIахIиттина, малх чубуззалц болх бича, эппаз.

      ДоттагIий вовшашка хьаьвсира.

      – Дийнахь сом лаxь, реза хир ду.

      Асхьад вистхила а ца вешира. ДIа а хьаьвзина, вахана, хьеран когаш буттучарна тIевахара иза.

      Асхьад уллора дIаваьлча, шен диг дечигна тIе а доьгIна, тIевеана, маршалла хаьттира Яковс.

      – Шу хIунда даьхкина?

      – Болх бан.

      – Барт хилин?

      – ХIан-xIa, – корта хьовзийра Къайсара. – Дукха тIех сутара ду и жIaьла.

      – Оцу тIехь-м цуьнгара хьалхе йоккхур йац цхьаммо а. Тxоьца мел дукха къийсира цо! Ах мах бала гIерташ. Тхо реза ца хилча, кхин пхьераш лийхира. Уьш кара а ца бина, кIелвисча, тIаккха бертавеара-кх. Мел ло шуна?

      – Эппаз.

      – КІeзиг ду. Iаламат кIезиг. Тхан станицашкахь уггар лахара мах бу иза…

      – Шу долчохь карабой болх? – xaьттира Лорсас.

      – Халла. Муьжгий а лела, болх лоьхуш, бевлла. ГIалгIазкхашна йукъахь а бу дуккха а къехой. Цундела хьал дерш сутара бевлла.

      – Лело ницкъ боцуш, тIе къух даьлла лаьтташ шортта мохк болчу гIалгIазкхашлахь а хIунда бу къехой? – цецвелира Аьрсамирза.

      – Болчийн мохк а бу, Аьрсамирза. Шортта. Амма боцчийн бац. Вай санначу къечу гIалгIазкхийн. XIун дийр ду ткъа, Дала цхьатерра ца делла-кх адамашна рицкъа а, ирс а. ХІораннан – шен-шен кхоллам. Цхьаберш – боьлу, кхиберш – боьлху. ЦхьакIеззигнаш – буьзна бу, эзарнаш – мацалла угIу. Нагахь дийнахь ахсом лахь, реза хила шу. Тхан цигахь лакхара мах ши эппаз бу.

      Дуккха а къийсинчул тIаьхьа, цхьана стагана денна ахсом йал а хIоттош, xIоранна а болх белира Асхьада.

      – Амма, хаалаш, кхача шайн хир бу шун, – тIетуьйхиpa цо.

      – Дела баа иза, хьо вала а велла, докъана! – сардам боьллира Янаркъас, цунна тIаьхьа а хьаьжна. – Ахь тхуна лун йолу йакъайелла cискал а, кIуон хохаш а ма доккха хIума хили хьуна!

      – Вита Іадда. СагIа ца доьхур вай, – Янаркъа дIаозийра Къайсара. – Хайра хир дацара цо йеллачу сискалх…

      Оцу дийнахь болх бoлийна, тIедогIучу шина дийнахь белхий а бина, Болатан той-барам дIаберззол ахча даьккхира цара.

      3

      Попан а, пхонан а декъачу дечигах йоьттина ворда хьуьнах араболучу готтачу новкъа хьала текхайора къоначу шина бугIано. Ирхе-м оццул йоккха а йацара, амма некъ ша хала бара. Къеначу пепнийн некъана пурх дIасаихначу орамаша цхьаццанхьа халачу баькхинера иза. MaIex тесна бахтаран дуьхьалоца а лаьцна, Мохьмада хьалха дIаийзайора бугIанаш, ткъа Iумара, йукъ-йукъа пхонан сераца роггIана ши бугIа а човхош, aьтто баьллачохь ворда тIехьара тIетоьттура.

      Шен дагахь Iумарна оьгIазъоьхура Мохьмад. Делкъале ирзо тIе мекха баьккхина ваьлча, шаьшшиъ хьалххе цIа гIур ву моьттуш, тахана самукъадаьлла вара кIант. Мичара, иза до ткъа баккхийчара! Дукха воккха а велара. Мохьмадал цуьнан совдаьлларг пхи шо ду-кх. ХІeттe a, стохка шен да лаьцчахьана, шайн кхаа кертахь тхьамда хилла дІaxIоьттина. XIетахь дуьйна схьа чIогIа хийцавелла Iумар. Хьалхалера забарш а йац. Цунах дaгaбoвлий бен, зударша а хIумма а ца до кертахь. Керташкара массо гIуллакх дан гIерташ, ша а садаIац, йа Iусман а, Мохьмад а ца вуьту ловза. XIун гIуллакх дара, ирзо тIе мекха баьккхина ваьлча, цIа