Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса т1ехъиккхинчу хенахь.
Ишколе жимма т1аьхьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Классе со чоьхьавьлча хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехаран хьолехь жима дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма кхоччу со дуьхьала г1ертахь а б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка т1е йог1аеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаь1ашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, 1арбий, Турпалханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.
Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш т1ехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.
Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъахиллачу хьехархочо шен г1анта т1ера г1оттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.
– Х1ун урок ю вайн? – хаьттира аса партийна т1ехь сайна уллохь 1енчу 1исага, цуьнга цецдоийтуш.
– Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович х1ун деш ву классехь? – меттавалийра со 1исас.
Иван Архипович-м истори хьоьхуш вара, цул совнаха тхан классан куьйгалхо а вара иза. Т1аьхьа-м висинера со, х1инца суна т1ехула т1е оьшург иза соьга ц1ахь 1амон елларг хаттар дара. Оьшург делахь, схьалаца хьайна! Иван Архиповича шен метте кхаьчний, кхачанзий ву аьлла хеташ журналана т1е а хьаьжина сан ц1е яьккхира.
– Сан йиш-м ма ца хуьлу и урокаш 1амон! – реза вацара со сайга хаттарна.
– Хьан х1унда ца хуьлу урокаш ян йиш? – цецвалар доцуш хаьттира хьехархочо.
– Цомгуш ву со!
– Х1ун цамгар ду хьан?
– Х1ара ду-кх! – айса буьйсана даьхна суртийн туп цуьнан истолан т1е дехкира аса.
Леррина хьаьжира хьехархо суьрташка.
– Дика корматалла ю иза-м. Амма хьо урокаш 1аморах к1елхьара воккхуш цамгар дац и. Шиъ ду хьуна охьахаа, – журналан т1евирзира и сан таханлера дуьххьара шиъ оцу т1ехь