Ламанхошца болчу къиссамехь шайн де дийне мел долу хуьлуш болу эшамаш а гуш, хIетахь Россин коьртехь хиллачу ШолгIачу Екатеринин доккха эскар тIаме арадаккха дийзира, Мансура болийна къиссам гуттаренна а сацо.
Амма кхин а йалх шо дIаделира, Ушурма Анапа гIалара Шлиссельбургски гIапехь йийсаре вале. Iедало лаьцна иза набахте дIакхачийра, цигахь кхо шо даьлча иза дIа а кхелхира.
Нохчийн къоман маршо къийссарехь цо айбина болу гIаттам байракх хилира массо а кавказхошна. Мансуран кхалхаро ца сацийра ламанхоша Паччахьан Iедалана дуьхьал латтош болу къиссам, мелхо а марсайаьккхира цуьнан алу. ХIора а бIаьста ламанхойн тобанаш тогIешка охьайуьссура, имперски гарнизонашна тIелатарш дан а, церан герзашна къола дан а.
ХIетахь, ШолгIачу Екатеринин метта Паччахьан васхал тIе велира Хьалхара Александр. Цо шен уггаре а къиза а, кIоршаме а волу инарла Ермолов Алексей Кавказе дIахьажийнера ламанхойн къиссам гуттаренна а сацо.
[2] Ермоловс массарна а дIакхайкхадира: суна лаьа сан цIарца церан хин болчу кхераме вайн дозанаш герзал а чIогIах лардайта, сан дашах уьш Iожаллех а чIогIа кхерийта. Барам боцуш кIоршаме а, къиза а хир ву со. Сан къизаллас бIеннаш оьрсийн ламанхойн таIзарах ларбийр бу.
Инарлас масех гIап йиллинера тогIеш а, иштта ТIеман-Гуьржийн олучу регионан йистера коьрта коммуникационни некъ а ларба Iалашонца.
Царех цхьайерш Соьлжанан хин йистошкахь хIиттийнера. Цигахь гIап йилла Iалашонца меттигера бахархой арабаьхнера, ткъа иттанаш нохчийн йарташ йагийнера. 1818-чу шарахь йиллинчу гIопана «Грозная» аьлла цIе тиллира. Оьрсийн маттера гочдича – буьрса.
Нохчашна хIетахь хууш дацара, шайн луьрачу мостагIчо шаьш хIаллак дан Iалашнца йиллинчу гIопах заманан йохалла шайн коьрта шахьар хир йуй а, и гIап цигахь йилларна инарла дохко вер вуй а.
Инарлас сихонца дIадолийра ша хIоттийна къиза Iалашонаш кхочуш йар. Цо къа ца хеташ хIаллак йора тоьпан тата схьахезаш йолу муьлхха а нохчийн йурт.
Инарлин къизаллин тIеIиттабеллачу нохчаша, шайн баьчча хаьржира имам ГIеза Мухьаммад. Цо гIазот а кхайкхина, ткъех шарахь гергга Паччахьан Iедална дуьхьал къиссам латтийна эскар вовшахтуьйхира.
1832-чу шарахь, ламанхоша къар ца луш, латтош болчу къиссамо оьгIаз вахийтинчу Хьалхара Николайс нохчий мухха къарбина а къарбан Iалашонца ткъа эзар стагах лаьтта эскар дIахьажийра Кавказе.
Нохчийчоьнах цIе тоссуш чекхделира Паччахьан эскар. Цуьнан аьтто белира ГIеза Мухьаммадан лар талла а, цунна Гимры олучу ша хьаваьллачу юьртахь кIело йан а.
Майраллица летара ламанхой, амма оьрсийн герзаш а, церан эскаран дукхалла а бахьана долуш, йита дийзира ламанхойн тIеман аре.
ГIеза Мухьаммад вийнера, ткъа цо айбина маршонан байракх цуьнан уггаре а тешаме накъосте – къоначу жIайхочуьнга Шемале кховдийра. Иза Кавказан исторехь Имам Шемал цIе йолуш ваха вуьссур ву.
[3] Я Шемал а, я ГIеза Мухьаммад а нохчий ца хилла. И шиъ Дагестанан коьртачу этнически тобанна юкъа догIучу жIайхойн къомах хилла.