Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Бенедетти Франческо
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Документальная литература
Год издания: 0
isbn: 9785005672346
Скачать книгу
советан Iедало шен ламастехь ма-хиллара жоп делира цу гIуллакхна, Халкъан фронт кхоьллинаош толлуш, ткъа и ша фронт шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула бахархошна адамийн барт бохош болу ницкъ санна йовза а йовзуьйтуш.

      Iедал реза ца хиларо-м фронтан декъашхойн цIе кхин а чIогIа айинера йукъараллехь, цундела дукха хан йалале Бисултановх Нохчийчоьнан уггаре а вевзаш волу баьчча хилира.

      И кхачамбацар къасто а ца хиъна, правительствос кхин некъ лехира. Цо омра дира Бисултанов а, Халкъан фронтан кхин болу баьччанаш а лаьцна дIабига.

      Халкъо Советан пачхьалкхана тIехь боккхуш болу толамо шен меттиг дIайелира демократически йухаметтахIоттарна: цхьаьна партийан раж хIинца лестича, массарна а лиира политически Iалам хаздийр долу тоба йа, болам кхолла.

      Иштта, 1988-чу шеран чаккхенехь кхоллайелира Бусулба динан йухаметтахIоттаран Парти. Цуьнан коьрта Iалашо йара пачхьалкхан атеизмо ца магийна, хьийзина хилла йолу исламан мехалаш Нохчийчоьнан йукъаралле йухайерзор.

      И парти вовшахтоьхначарна йукъахь вара къона журналист Удугов Мовлади. ХIетахь башха девзаш доцучу «Ориентир» цIе йолчу дессидентски газетан директор хилла волчу цунах кестта, йозуш йоцучу Нохчийчоьнан коьртачу турпалхойх цхьаъ хир ву.

      1989-чу шарахь кхоллайелира «Нийсо» цIе йолу гIалгIайн къоман ассоциаци. Цуьнан куьйгаллехь вара вай жимма лаккхахь вийцина хилла волу Кодзоев Iийса.

      Миллион бахархошка КПСС йитийтина хиллачу консенсусе цIийхьадар сацо Iалашонца йукъагIоьртира Горбачев. Цуьнан сацам хилира парти дIайаккха, къена ветеранаш керлачу администраторшца хийца а хуьйцуш.

      Нохчий къам шен векалалла йоьхуш дара, ткъа иза харц а дацара: цхьа а нохчо партехь йа, цу хенахь Нохчийчоьхь хиллачу Парткоман Хьалхара секретаран а, Лаккхарчу Советан Председателан а даржехь цкъа а хилла вацара.

      Хьалхара секретарь орьсий Фотеев Владимир вара, ткъа Лаккхарчу Советан Председатель вай лаккхахь вийцина хилла волу Боков Хажбикар вара.

      Сацам хиллера Фотеев нохчашха схьаваьллачу хьаькамаца хийца, хIунда аьлча нохчийн а, гIалгIайн шайн-шайн векал хилийта республикин куьйгаллехь.

      Кхаж белира йуьртбахаман министр хилла волчу инженер агрономан Завгаев Докун.

      [28] Иза дуьненчу ваьллера 1940-чу шарахь. 1944-чу шарахь шен доьзалца а, дерриге а нохчийн къомаца а махкаха ваьккхинера. ЦIа вирзича, цунна йуьхьанцара классийн хьехархочун болх карийра, ткъа цул тIаьхьа иза колхозе дехьа велира. 197I-чу шарахь цо политически болх дIаболийра, цкъа хьалха ша схьаваьллачу Теркйистехь, ткъа йуха йуьртбахаман производствехула кхочушдаран структурийн белхало хилира цунах. Иза йуьртбахаман министран а, совхозийн Ассоциацийн а директоран даржехь вара, парткоман шолгIа секретарь хIотталц.

      1989-чу шеран чилланан беттан 7-чохь КПСС Областной комитета хин йолу ротаци тидаме а оьцуш, баккхий политически хийцамашка болу сатийсам бовзуьйтуш, дIахьедар дира.

      [29] «Грозненски рабочий» газетас йаздора: «Керла политически атмосферас а, демократизацига