Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Мзия Ратиани
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Историческая литература
Год издания: 0
isbn: 9785005661005
Скачать книгу
нохчийн къоман син-оьздангаллин лард. Шеко йоцуш хIара книга, йерриге а Кавказан исторехь йоккха меттиг дIалоцуш йолу говзар йу. Кху книгас самадоккхур ду нохчийн къоман иэс, тIаьхьарчу тIаьхьенна нийсонан, бекхаман новкъахула доьналлица чекхваьлла волу вайн къоман сийлахь турпалхо – Довта-МартантIера, чIинхой тайпанера нохчийн обарг Кута вовзуьйтуш.

Акаев ИсмаIал – йаздархо, журналист, Лондонера Евразин кхоллараллин Гильдин декъашхо, театран а, кинон а гIуллакххо.

      Сурт диллинарг Айтек Дуг

      Кавказ

      Ма ала къена йу Кавказ,

      Къежбаларх бохь леккха лам,

      Дожарах стиглара аьрзу

      ЦIеххьана кагбина тIам

      Ма ала къена йу Кавказ

      Мел бека пондаран мерз,

      Лаьмнашкахь мел хеза шайна

      Майрачу обарган герз!

      Ма ала кура йу Кавказ —

      Органо хьестарах и

      Даймехкан сий къуьйссуш кхузахь

      Хийлозза Iенийна цIий

      Ду иза маршонан ага —

      Сийлаллин йовр йоцу цIе

      Мел чехка зама а идарх

      Йехар ю Кавказан цIе.

Дикаева Янина

      I том

      I корта

      Дишнара Дика

      Йоккхачу АтагIара Аюбан дехарца Довта-МартантIера Кутас дакъа а лоцуш, 1900-чу шеран бIаьста инкассаторашна тIелатар дар бахьана долуш, цуьнан коьртах боккха мах а хIоттош, Кута Россин империн мостагIа ву аьлла кхайкхийнера.

      Аюба и тIелатар кеч а динера, иза цуьнан куьйгаллехь а вара. ХIетахь цо даьккхинчу ахчано доккха гIо дира шортта миска доьзалшна. Амма цу тIелатаран дукхох болчу декъашхошна цуьнан тIаьхьалонаш ирча хилира. Цу тIелатарехь Кутина коьртах чевнаш йинера. Иза ша волчу сехьаваьккхира цуьнца цхьаьна цу тIелатарехь дакъа лоцуш хилла волчу, цуьнан уллера накъоста, нашхойн тайпанера волчу Котар-Йуьртара Магин кIанта Гирмаха.

      Кута метта вогIуш вацара, тIаккха иза ша волчу ВаларгтIе дIавигира Кавказехь цIейаххана вевзаш волчу аьккхий тайпанера лоьра Элмарзас. Иза обарган тайпанца доккха гергарло долуш вара. Лоьра цунна гам хьаькхначул тIаьхьа (трепанация черепа) Кута метта веара, амма чов атта дIа ца йирзира. Операцин чолхечу тIаьхьалонех лаьцна хиира Кутин дика накъост волчу думин депутатана ГихтIара Эльдарханов Таьштемирана, иза ВаларгтIе обарг хIун деш ву хьажа веанчу хенахь. Ростовера тIеман госпиталера цо деанчу молханах дарба хилира обаргана.

      Шарахь сов хала лазар текхначул тIаьхьа ВаларгтIера Эльмарзас кога хIоттийра обарг.

      Кутин уллера гергара нах закъалтана лаьцначу хенахь, цуьнан цIийнах болчу баккхийчеран и гергара нах маьрша бахархьама оьрсийн Iедале шаьш Кутех девлла ала дийзира.

      Кутин лар ша берзан лар санна толлуш йара, цуьнан хIусам а, доьзал а оьрсийшна мотт беттачеран тергонехь бара даима а. Шен гергара