Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Мзия Ратиани
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Историческая литература
Год издания: 0
isbn: 9785005661005
Скачать книгу
хазаллах лаьцна йерриге а Кавказехь дуьйцуш ду. ХIинца сайн бIаьргашна иза гича, сан сацам хилла иза сайна йига.

      Цецдаьллачу адамийн тобанна йукъахь гIугI даьржира. Ахиян вежарий дукха цецбевлла, багош а гIаттийна лаьттара, ткъа шаьлтанах тассавелла сван накъосташа сацийра. Маларах кхетттачу балкхарца йуха а шениг дуьйцура:

      – Тхуна бен дац сван вийча а, нохчо вийча а, амма Фатика оха цхьанна а дIалур йац.

      Кутина а, цунна уллохь лаьттачу чергизочунна а тIевеара балкхаройн эла Урусбиев. Цо куьйг айдира, вистхила шен болу лаам гойтуш. Гулбеллачарна йукъахь тийналла хIоьттира.

      – Кута сан хьаша ву! – Элас бIаьрг туьйхира гулбеллачу нахе. – Фатика хьаьнга маре гIур йу шаьлтанаша къастор дац, иза цуьнан дас къастор ду. Шен дас Мухарбис дIайеллачуьнга маре гIур йу Фатика – йоьIан да волчу агIор бIаьрг туьйхира элас. Тоба дIасатеIира. Мухарбинна тIевахара Навруз:

      – Лараме Мухарби! Хьан йоI кхиъна йаьлла. Цуьнан безам бахьанехь шайн синош дIадала реза бу Кавказан уггаре а тоьлла къонахий. Ас сайн цIарах йоьху хьоьга иза сайн хьаша а, доттагIа а волчу нохчийн обаргана Кутина. Цул тоьлла хIусамда хьан йоьIана карор вац хьуна!

      – Цу нохчочунна хууш дуй сайн йоI ас йорах дIалур йоций? – велакъежира иза, шен къоьжачу мажах куьйг а хьокхуш.

      – Массо а харж ас сайна тIелоцуш йу! – кхоладеллачу хьолах воккхаверца жоп делира балкхаройн элас.

      – ТIаккха суна вайн барт хилла аьлла хета. ТIедогIучу кIиранан дийнахь шайн нускал дIадуьгур ду-кх аш – хьалагIаьттира Мухарби, шен кIенташка шаьш дIадоьлхуш хилар хоуьйтуш.

      Циггахь говрашка а хевшина, шайн накъостаца сванаца дIабахара Ахиян вежарий а.

      – Цу нохчочунна хууш дуй нускал дIадигале той балкхаройн лаьттахь а дан дезий? – саца туьгуш вацара маларах кхетта балкхархо.

      – Шуна цкъа а ца гиначу кепара той хир ду-кх шуна – велавелира гIебартойн эла Клишбиев Аслан шен доттагIчун Кутин куьйг а лоцуш.

      Шайн кIотара Кюнлюме сванаца цхьаьна Ахиян вежарий буьйсанна схьакхечира. Ахия цIахь вара:

      – ТIаккха? Муха дара той? Гирий шуна Фатика? – хаьттира Ахияс чоьхьаваьллачу шен вешига Асхате, бIаьргашца боданехь цхьаъ лоьхуш санна. – Кута мичахь ву? – хаьттира цо шен вежаршка а, царна уллохь лаьттачу сване а.

      – Шен нускалца хир ву-кх велар иккхира цуьнан воккхах волчу вешин.

      – Фатика ган а, цуьнга хьажа а хIинца хьан доттагIчун Кутин бен бакъо йац, иза цуьнан нускал ду – Асхата аьллачунна тIетайра церан щича.

      Ахия хIумма а кхеташ вацара, амма балано макхвинчу Ратиани Мушнига хьаьжча гуш дара цу тойнехь цхьаъ хиллий.

      – Мушни, ахь мукъне а ала хилларг хIун ду? – дийхира Ахияс. Ткъа цуьнан вежарша хIумма а къайла ца деш, Гелястано кIотарера тойнехь хилларг дIадийцира, ткъа эла Ратиани Мушни вист ца хуьлуш, вехха лаьтта бIаьра хьоьжура.

      – Ахия, ас доьху хьоьга, цкъа мукъне а иза ган гIо де суна! Нагахь санна и реза йелахь тхойшиъ дукъа тIехьахула сан махка дехьадер ду, цигахь иза нохчочунна а карор йац – дехарца шен доттагIчун бIаьра хьоьжура