– Ша лацале хьалхарчу буса деха, лерина къамел дира соьга Болата. Тхо гуттаренна а вовшах къаьсташ дуйла хиъна хир дара цунна. Ша жима волуш, Шелахь, Соип цIе йолуш, доттагI вара шен, бохура цо. Хонкарахь мацалла леш йоллучу шен нанна кемсийн кан баккха, буса туркойн беша ваьлча, цара къиза вийна хиллера иза. Нагахь тхойшиннан кIант хилахь, цунна Соип алий цIе тилла, йоI хилахь, шен ненан Хедин цIe тилла аьлла, тIедиллинера цо суна. Болат лаьцначул тIаьхьа Соип дуьнен чу велира. ТIаккха ши шо даьлча нана, цул тIаьхьа пхи шо даьлча, да дIакхелхира. Хьуна ма хаьа, сан ден, ненан, со цхьа йоI бен, кхин бер цахилар. И шиъ дIакхелхича, верас воцуш, гIаж санна, цхьана йисира со. Шелара Болатан гергара нах тхойша цига дIадига гIоьртира. Суна ца лиира. Шичой-маьхчой бацахь а, сан гергара нах Гати-Юьртахь ма бара. Болат а цигахь кхиънера. Гатийуьртахоша дика дола а динера цуьнан. Аьрзун, Iелин, Маккхалан доьзалех шен йиша-ваша а тардина, Iийнера Болат. Цундела, уггар хьалха, царах къаста а ца лаьара суна. Iелин кIанта Iусмана а, Аьрзун кIанта Мохьмада а керт-ковхь гIo дора суна. Кха а охура, йалта чудерзош, докъар кечдеш, цIа дохьуш, дечиг дохьуш, кхин деш а гIo дора. Ша воккха хилча, Соипа и гIуллакхаш шен кара лецира. Делахь а, мел къахьегарх, ког метта ца хIуттура тхойшиннан. Зуда йало таро ца хуьлуш, хенал тIехвелира Соип. XIopa шарахь Теркал дехьа гIалагIазкхашна йолах болх бан боьлхура вайн эвлара цхьа нах. Шина-кхаа шарахь болх бича, бахам а тарлора церан. Соипана цаьрца ваха лаьара. Со дуьхьал хуьлура. Цхьаъ бен воцу кIант цига вахийта кхоьрура. И сан кхерар эрна ца хиллера. Эххар а пурба делира ас цунна. Йуьртара а, гондIарчу йарташкара а нах боьлхуш хилча, Делан кара а велла, вахийтира. Цхьана-шина шарахь болх бича, мотт-гIaйбa а, кертахь кхин оьшург а эца, зуда йало а аьтто хир бац-те аьлла. ГIаддайна вахийтира. ТIаккха со кхийринарг хилира…
Шозза-кхузза цхьакIеззиг бепиг а, нехча а кхаьллина, йисинарг Овхьаде дIакховдийра Дешис.
– БIаьстенан йуьххьехь дуьйна гуьйре шелйала йоллалц, ворхI баттахь, дийнахь а, буса а бохург санна, са ца доIуш, болх бира Соипа цигахь. Ia герга гIоьртича, цIа ван ойла хилла, гIалагIазкхичуьнга шена йогIу йал схьайехна хиллера цо. Амма гIалагIазкхичо, цхьа сом а ца луш, боьха йаппарш йина, кертара араваьккхинера. Хьуна ма-хаъара, Болат Iаламат собаре стаг вара. Соип дега ца хьаьжнера, цIий сиха вара. Буьйса тIекхаччалц йуьрта йистерчу эрзалахь лечкъина а Iийна, адамаш набарна дIатийча, гIалагIазкхичун керта а вахана, йуха а шен йал схьайехнера цо. И гIалагIазкхи Соипаца галваларан цхьа бахьана хиллера. Хьалхарчу буса цуьнан рагIу кIелхьара говраш йигна хилла нохчаша. Оцу къоланна Соип бехке веш хилла цо. И къуй ахь тIехьехна, хьо церан декъашхо ву, бинчу балхана йал-м муххале а лур йацара хьуна, ша Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву хьо, бохуш. Иза шена нанна хьежош, йаппарш йан воьлча, шаьлта тоьхна иза охьа а виллина, ведда, цIа веанера Соип. ГIалагIазкхичунна Соипан цIе а, ден цIе а, Гати-Юьртара вуйла а хууш хилла. Ткъа и къена гIалгIазкхи, Iедало лоруш, воккха эпсар хилла, боху. Цо сихха цигарчу Iедале дIахаийтина, ша йолах