– Жима къонах, сан бIе ткъа шо ду хьуна, сан жимах волчу вешин бIе шо ду хьуна, цул жимах волчун дезткъе итт шо ду хьуна. Амма сан и хан йу эр дацара цхьаммо а. Сан зудчо, дог меттахь латтош, къан ца волуьйту со. Хьайна Деле дика зуда йеха ахь.
ТIаккха, ваьлла малик долчу а вахана, дIадийцина кIанта ша Деле хIун йоьху. Малико, Далла тIе а дахана, ишт-иштта, дика зуда йоьху цу кIанта аьлла, дIадийцина. ТIаккха Дала аьлла, дика зуда дуьнен чохь шиъ бен йан а йац, цушиннах цхьаъ, нах а баьхкина, тховса маре йоьдуш йу, важа кхиа кхин кхо шо тIаьхьа долуш йу. Цунна йеззарг, айхьа гIо а деш, дIайига цунна. Схьадеанчу малико ма-дарра дIадийцина кIанте и гIуллакх. ТIаккха кIанта аьлла:
– Тховса и йоI йуьгуш верг сол жима а велахь, хьолана сол тоьлуш а велахь, оцу кхуьуш йолчу йоьIан рицкъа цуьнца дерзаде. Амма, со цул жима а велахь, хьолана цул тоьлуш а велахь, со кхаа шарахь Iен реза ву-кх.
– Делахь, тховса йоьдуш йерг хьуна йало йеза вайшимма, – малико а аьлла, вахана хIара шиъ.
ДIакхаьччахь малико аьлла: – ХIан, нах, шу тхоьгара зуда йаккха гIертар нийса ца хета суна!
ТIаккха массо стаг дуьхьалваьлла, и бакъ ма дац аьлла.
– Делахь, вайх бакълуьйчеран йуй зуда? – аьлла, хаьттина, бах, малико. «Йу!» – аьлла, бах, вукхара.
ТIаккха малико: «Везан Дела, тхойша бакълуьйш велахь, хIокху сан Iасанах хурманан дитт а хилийталахь, цу тIе хурманаш а латийталахь», – аьлла, лаьтта охьахIоттийна шен Iаса. Оцу сохьта Iасанах хурманан дитт а хилла, цо заза а даьккхина, цу зазанах стом а хилла.ТIаккха наха, зуда а йелла, дIавахийтина хIара шиъ. Нахана шаьш къайладевлча, малик а дIадахана.
ЦIа кхача мел вуьйли а, кIант гIеллуш хилла. Цуьнан тидамбинчу йоIа хаьттина: «Хьо гIийла хIунда ву?» – аьлла. «Вайшиннан чудаха меттиг ца хиларна гIайгIанехь ву ша», – аьлла, дIадийцина, бах, кIанта.
«ХIума, хьаха, дацара иза-м; вайша ду хIуъу далур долуш а, дийр долуш а. ДIа ма-кхеччи, чудаха цхьа тоьла йийр йу вайшимма, цул тIаьхьа дерг хенан карахь ду», – аьлла йоIа.
«Тоьла-м ша жа дажош лелаш, йаьккхина йолуш йу», – аьлла кIанта.
ТIаккха, ша цу тоьли чу дIа а йигийтина, шен пIелгара а, лергашкара а дашо хIуманаш схьа а йаьхна, уьш кIанте а йелла, аьлла йоIа: «Со йахча, нахана дийца хIума хир ду, хьуна ваха там бац. Хьайна йевзаш цхьа зуда йелахь, хIорш а йохкийтий, вайшинна, эций, йетт а балош волахьа».
Вахана, и хIуманаш а йохкийтина, эцна йетт а балош цIа вогIуш волчу хIокху кIантана дуьхьалкхетта газа а йалош вогIу цхьа стаг. «Деллахьа, жима къонах, хьо сол таронна тоьлашха хила мегара, хIара газа хьайна дIа а эций, суна йетт лахьара ахь», – аьлла, дехна цу стага. Йетт цунна дIа а белла, газа а йалош цIа вогIучу кхунна кхин цхьаъ а дуьхьалваьлла: «ХIара шаьлтий, доьхкий дIа а эций, газа суна лахьара ахь» аьлла.