Болатан Зараъ. Повесть. Вахит Хаджимурадов. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Вахит Хаджимурадов
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 0
isbn: 9785005970305
Скачать книгу
волуш-м цкъа нисделлера Виситин Зараин юккъехь безам бацахь а, билгалла х1ун ду ала йиш йоцуш цхьа алун суй эккхар. И санна долу х1ума-м Зараин накъосташна ца тусалуш дисин йиш яцара, мел ч1ог1а лиъчи а. И саннарг, Зараина шена дицделча а, мехкаршна дагахь лаьттара. Бакъдерг дийцича, зударийн цхьа ша къаьсттина синхаам бу и санна х1уманашна т1ехь. Божарий цкъа а т1аьхьакхуьур болуш х1уманаш а дац уьш! Висита рема ялон вахана аьлла ма хеззинехь, оцу х1умана а цхьа бух бан дезара зударийн ша-тайпа долчу хьекъалан. И бух бара, мехкарийн кхетамца, Виситана дукха хенахь дуьйна Зараига болу къайлаха безам. Иштта ца хилчи, жима стаг, къонах стенна воьду турпаллин г1уллакхаш лехан? Амма мехкаршна ца хаара, шен да кхелхинчул т1аьхьа, Висит кхин а герга хиллера Зараин дена а, х1усамна а. Зараъ-м шен йиша санна лоруш ма варийца жимстаг. Делахь а делан къевленаш дукха ю-кх, ц1ий гергара ма дацара Виситийн, Зараийн. Х1инцалца дуьйцург бегашца т1еоьцуш йолу Зараъ а, стенна делахь а цхьана х1умано садаъан юьйлира. Хьанна хаъа, иза-м кхерамен г1уллакхе ваханчу Виситина шен вешина санна сахьийзаш хилан а мегара.

      Ши к1ира сов хан а яьллера хин йисттехь мехкарша Зараъ хьовзийна, буьйсана юккъехь Зараъ цхьана цаевзачу г1овг1ано самаяьккхича. Т1е х1ума а юьйхина и арайолуш, дадас мохь туьйхира цуьнга:

      – Йо1! Хезий хьуна, самаяла сихха! Т1е х1ума а кхоллий араяла!

      – Х1ун хилла, дада? Сингаттамен х1ума-м дац хилла? – дена дьухьала араелира йо1 оцу хенахь.

      Амма йо1а динчу хаттарна жоп х1окхеран шуьйрачу уьйт1ахь дара, схьа хетарехь. Уьйт1е юьззина геннара яьхкина хилар билгало йолуш хьацарах ша и хи санна т1еда говраш яра.

      «Зараъна рема ялон вахана Висит!» – шен накъостийн мехкарийн шабар-шибарш дагадаьхкира йо1ана, оцу ойланах ела а къежира иза. Арахь, даьржина беттаса делахь а, буьйса яра, цундела йо1 елакъажар цхьанна а ца гуш дисира.

      – Йолла а кхосса говрашна хьалха, жимма хан а ялийтина, хьацар жимма дакъаделча, хи а малийта цаьрга, – элира Болатас йо1е.

      Йо1е и болх банлур бу-бац аьлла шек а вацара и, шен йо1 дика евзара денна. Делахь а, Висита а, сиха т1е а вог1уш, вуьйлира йо1ана г1о дан. Шаьшиъ жима долуш дуьйна ша ма-яккхара ц1е а йоккхуш:

      – Виса, х1ара говраш стенгара евлла буьйсана юккъе? – хаьттира Зараъас Виситига, денна ца хозийтуш.

      – Говраш нисъялар Делан болх бу-кх… Х1орш г1алг1азкхийн аренашкара ялийна, – аз жимма лахдина хаийтира йо1ана жимчу стага.

      – Виса, суна ялийна-м яц хьан и говраш? – ах бегашийна, ах к1ант зуьйш елакъежаш, хаьттира йо1а.

      – Яц! – доцца хадийра Виситас.

      – Суна ца ялийнехь, тхан уьйт1а х1унда лаьхкина ахьа уьш? – къарцалора йо1.

      – Шун уьйт1а ца лаьхкина… Сайн ден метта аса лоруш волчу Болатан уьйт1а лаьхкина, – резавоцучу т1ег1ана т1ехь аз дийкира жимчу стеган.

      – Виса, ас-м хьо хийзавеш, бегаш бой! Жима волуш дуьйна бегашах кхетар волуш ца хилла-кх хьо! – шен рог1ехь реза йоцу кеп х1оттийра Зараъас.

      Болат оцу хенахь кевнах а ваьлла ладуг1уш вара юьртахь кхин цхьа а г1овг1а юй. Юькъачу хьаннех юьзина йолчу шина рег1ана юккъехь