Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетар. Хьусайн Шовхалов. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Хьусайн Шовхалов
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785449891266
Скачать книгу
й системе Ridero

БИСМИЛЛАХ1ИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ

Хастам бу Аллах1ана вайна Ша вовзийтина волчу. Вайх Шен бусалба лайш динчу. Дикачу 1амалшна бекхамна вайна ялсамани кечйинчу. Вайна иза яккха аьтто бинчу.

Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, асхьа́башна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачу стагана а.

Ялсамани!

Ма мерза дош ду-кх иза бусалбачу стагана. Цуьнан ц1е яьккхича вешан са шовкъе долу цуьнга кхача лууш, дог тохало цуьнан дозаллина, синан самукъадолу хазачу совг1атна, б1аьрг белало цуьнан сурт х1иттош, юьхь екхало цуьнан ойла еш!

Дала хаийтина вайна Ша ялсамани кхоьллина хилар. Иза яккха цуьнан дуьхьа бала беза мах а билгалбина вайна Везачу Дала.

Цундела, ялсмани мах вайна схьабостуш, цунах луург х1ун ду билгалла деш яздина аса х1ара жайна.

Нийсачу кхетамал сийлахь х1умма дац. Цуьнга кхочуш цхьа а х1ума дац. Ткъа кху жайница суна лиънера ялсамани яккхарехь бусалбачу стеган хила беза нийса кхетам билгалбан, ялсамани дуьхьа бала безачу механа т1ехь бусалбачу стаге само яйта.

Дала ялсаманин мах д1а а белла, ялсамани доьлхуш самукъадоккхийла вайн. Амин, я Аллах1!

Шовхалов Хьусайн.

ЯЛСАМАНИН МАХ

Вайх массо ву ялсамани ваха сатуьйсуш. Массарна лаьа ялсаманин ох1лунах хила. Ткъа ялсамани ваха лаар дика ду, бусалбачу стеган иштта лаам хила безаш а бу.

Делахь а цхьа лаам хилча ца тоьа ялсамани кхача. Вайна лаарна г1ур дац вай ялсамани чу, иза яккха езаш ю дика 1амал ярца, цуьнан дуьхьа цхьа бахьанаш леладарца.

Ваьшна цхьа х1ума езча цуьнга са туьйсуш 1ай вай? Ца 1а. Х1унда аьлча иза езаро ца хуьлуьйту, цуьнан дуьхьа вай къа ца хьегча. Х1ора х1уманан кху дуьненахь шен мах бу – я ахчанца, я къахьегарца, я кхидолчу х1уманца. Ткъа хьо цуьнан мах д1абала а ца хьаьжча, цуьнан дуьхьа бахьанаш ца лелийча, хьуна иза даггара езаш ца хуьлу.

Ткъа иштта вайна езаш йолчу ялсаманин а бу-кх шен мах. Цуьнан дуьхьа а дуккха къахьега деза. Ялсамани еза меттиг ю ахь яккха йог1уш, ткъа деккъа «суна лаьара ялсамани чу ваха» бахарх г1уллакх хир дац, къахьега деза вай цуьнан дуьхьа.

ЯЛСАМАНИ СТЕНЦА ЙОККХУ?

Дала ялсамани исбаьхьа ч1ог1а хаза кхоьллина ю. Цунах тера цхьа а х1ума дац, и санна хаза а, дика а, йоккха а.

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Цу чохь1 б1аьргана ца гинарг ду, лергана ца хезнарг ду, я адамана цкъа́ а дага ца деанарг ду2.

Дала хаза кхоьллина ялсамани. Дала ялсаманин куьцех лаьцна дийцина, вайн ялсманица йолу шовкъа ч1ог1а хилийтархьама.

Дала Ша ялсамани муха кхоьллина дукха ч1ог1а юьйцуш, цул сов иза вай муха яккха еза билгал а деш Шен аг1о кхочушйина. Везачу Дала Къуръан боху чохь:

«Делах кхийринчарна хир ю аьллачу ялсаманин масал ду: цуьнан г1аланашна а, бошмашна а бухахула татолаш ду лелаш, цу чуьра даар а, цуьнан3 1индаг1 а даима хир ду4».

Амма ялсамани йоккхуш цуьнан дуьхьа къахьоьгуш вешан аг1о кхочушъяр вайна т1ехь ду. Ткъа вай ялсаманина т1едуьгу некъ цхьаъ бу – иза Далла 1амал яр бу. Далла 1амал яр ду вай лело деза бахьана.

Дала боху Къуръан чохь:

«Цаьрга5 малийкаша кхайкхам бийр бу: х1ара ю и ялсамани,….. (дуьненахь) шуна хир ю баьхна йолу, аш йинчу 1амална дуьхьал6».

Нах ялсамани чубахча, малийкаш дуьхьал девр ду царна цаьрга салам луш, цаьрга ялсаманица кхаьънаш дохуш. Ахь тидам бинехь, цара эра ду: «Аш йинчу 1амална дуьхьал», цо гойту вайна, ялсамани 1амалца йоккхуш хилар. Цундела, ялсаманин ох1лунах хьо хила лууш велахь, 1амал хила еза хьан. И ду ахь ялсаманин дуьхьа лело деза бахьанаш.

Х1ОРА Х1УМАНАН МАХ БУ

Х1ора х1уманан ша-кепара мах хуьлу. Ткъа ялсаманин мах вайна билгал баьккхина Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), цо аьлла: «Ладог1алаш, Аллах1а юхкуш ерг еза ю шуна, Аллах1а юхкуш ерг ялсамани ю шуна7».

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) хоуьйту вайна Аллах1а ялсамани юхкуш хилар, иза вай Цуьнгара эца езаш хилар, ялсмани мах д1абаларца.

Ткъа ахь мел мах хадийна хьайна езаш йолчу ялсаманин?

Мел бу ахь ялсаманих луш болу мах?

Хьуна ялсамани мел езаре хьаьжжина хир бу цуьнан дуьхьа ахь луш болу мах, хьан цуьнга йолчу шовкъе хьаьжжина хир ду ялсамани дуьхьа ахьа хьоьгу къа. Ялсамани яккха хьоьгуш долу къа – и бу-кх ахь х1оттийна мах.

Цундела, ваьшна ялсамани мел ч1ог1а оьшу хаа деза вайна. Мел дукха дуьненахь дахахь а, даима а хир долчу эхарте д1адаха деза вай.

1

– Ялсмани чохь.

2

– Х1айсамий: 10,400.

3

– Ялсамани чохь.

4

– Ро1д, аят:35.

5

– Ялсамани чу боьлхучаьрга.

6

– Зухруф, аят:72.

7

– Тирмийзий, 2450.